Балкхарой
Балкхарой | |
---|---|
Шен цӀе | малкъарлыла, таулула |
Дукхалла а, ареал а | |
Дукхалла | ▲ 125 000 гергга (2010 шо) |
Кхазакхстан: 2 300[2] ГӀиргӀазойчоь: 1 900[3] Узбекистан: 800 (2019 шо)[6] |
|
Хаам | |
Мотт | кхарачойн-балкхаройн |
Дин | ислам суннийн маьӀнера |
Йукъабоьду | туьркийн къаьмнаш |
Гергара къаьмнаш | кхарачой, гӀирман гӀезалой, гӀумкий |
Схьабалар | туьркаш, аланой, кавказан тайпанаш |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Балкха́рой (кхарач.-балк. малкъарлыла, таулула[7][8]) — туьркийн къам, ГӀебартойн-Балкхаройчоьнан орамера бахархой, дукхаха дерг беха Къилбаседа Кавказан йуккъерачу декъехь, ламанан а, ламанан кӀажошкара а (Балкхаройчоь) кӀошташкахь Баксан, Чегем, Хазнидон, Черек-Балкхаройн (малкхархой), Черек-Хуламан (безенгиевгӀар, холамхой) эркийн лакхенашкахь. Йоккха европин расин кавказан антропологин тайпана йукъара бу[9]. Фактехь цхьа къам ду лулара Кхарачой-Чергазийчуьра кхарачошца.[10] Буьйцу тюркийн доьзалан кхарачойн-балкхаройн мотт.
Этноним
[бӀаьра нисйан | нисйан]Кеп:Чекхдаккханза дакъа «Балкхарой» къоман (этноним) цӀе схьайаларан масех верси йу:
- иза схьайаьлла оьрсийн «малкхарой» цӀеран вариантах (Малкхар чӀожан бахархой)[11].
- «болгарийн» цӀерах[12] (737 шарахь Ӏаьрбойн-хазарийн бертан хьелашца каган луучарна массарна а ислам дин тӀелаца бакъо йелла. Дуккха а булгараша-бурджанаша (масала, таханлера балкхаройн кхарачойн, гӀумкийн дайша) бусалба дин тӀеийцира. Нисса оцу заманахь дуьйна булгарашна йукъахь ислам даржа долало. Билг. — Бегунов Ю. (ред.), Закиев М., Бариев Р., Глашев Б., Нурутдинов Ф. Булгарийн къоман хазна. Этногенез. Истори. Оьздангалла. Арахецаралла: «БулгарИздат»; 2007 ш.
Барам
[бӀаьра нисйан | нисйан]Берриг балкхаройн барам хIинца бу 125 эз. гергга стаг (2010, мах хадор). Россехь беха 112,9 эз. стаг (2010), царех ГӀебартойн-Балкхаройчохь — 108,6, иза хуьлу 12,7 % республикин бахархойх. ГӀебартойн-Балкхаройчоьнан кIошташкара дакъа 2010 шеран бахархой багарбаран жамIашца:
Муниципалан кIошт | Балкхаройн дакъа, % |
---|---|
Эльбрусан МКI | 69,5 |
Черекан МКI | 64 |
Чегеман МКI | 20 |
ГIГ Нальчик | 16,9 |
Зольскан МКI | 6 |
Цхьаболу балкхарой беха Кхазакхстанехь а, ГӀиргӀазойчоьхь а (4—5 эз. ст., 2008 шарахь мах хадорца), уьш цига кхаьчна 1944 шарахь махках бахар бахьнехь.
Беха кхин а Туркойчоьхь, Европин мехкашкахь, АЦШхь, уьш XIX бӀешарахь Къилбаседа Кавказ йитинчу мухажирийн тӀаьхье ю.
Мотт
[бӀаьра нисйан | нисйан]Кхарачойн-балкхаройн (кхарачойн, балкхаройн) мотт — кхарачой а, балкхаройн а мотт бу, туьркийн меттанех цхьаъ бу иза. Меттан ген къестамаш бакхий бац. Таханлера цӀе йукъара тӀеэцна 1950-гӀа шерашкахь, хьалха олура ломан-гӀезалойн, ломан-туьркийн, гӀезалойн-джагатайн. Баьржина ГӀебартойн-Балкхаройчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а, шинне а республикашкахь пачхьалкхан меттан статус ю. Россехь мотт буьйцурш 303 эз. гергга стаг ву[13].
Охьаховшаран географи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Балкхарой Европехь уггаре лакхахь дехачарех цхьа къам ду. Цара дӀалоцу Къилбаседа Кавказан атагӀаш а, ломан кӀажош а Малка, Баксан, Чегем, Черек, церан геннийн а Ӏинаш. Балкхаройчоьнан мохк бехаш бу ломан массивашца, хьаннашца, хьена атагӀашца, альпийн байнашца.
Этносан истори
[бӀаьра нисйан | нисйан]Балкхаройн къоман этногенез
[бӀаьра нисйан | нисйан]Туьркой меттан балкхаройн а, кхарачойн а, ткъа иштта кавказан меттан вайнехан, гӀажарийн меттан хӀирийн, материалан а, синмехаллин оьздангаллин а шира субстратан бух бу археологехь лар йитина, уггаре къегина, дика теллина кобанан оьздангалла. ГӀажарийн чкъор хааделла хӀирийн-кхарачойн-балкхаройн этнооьздангаллин йукъараллехь. И йукъаралла лору этносаш хиттарехь аланийн доминантан сурт санна. Шен рогӀехь туьркийн «тӀаьхьие», дукха хьолахь, йоьхку кипчакаш (половхой) лома бахарца, иштта кхоллаелла Къилбаседа Кавказехь туьркийн меттанийн анклаваш — Балкхаройчоь а, Кхарачойчоь а. Антропологин хаамаш бен тешалла ца до нах кхалхаран а, зударий балоран а контакташна[14].
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ 1 2 3 4 5 Окончательные итоги Всероссийской переписи населения 2010 года
- ↑ Kazakhstan - People Groups. Balkar // Joshua Project. A ministry of the U.S. Center for World Mission .
- ↑ Kyrgyzstan - People Groups. Balkar // Joshua Project. A ministry of the U.S. Center for World Mission .
- ↑ Борлакова Ф.А. Карачаево-балкарская диаспора в США // Научные проблемы гуманитарных исследований. — 2008. — № 15. — С. 9—15.
- ↑ Всеукраинская перепись населения 2001 года. Распределение населения по национальности и родному языку . Государственный комитет статистики Украины. Архивйина 2011 шеран 25 августехь
- ↑ Country: Uzbekistan . Joshua Project.
- ↑ Каракетов, 2005, Каракетов, 2007
- ↑ «Этнонимы и племенные названия Северного Кавказа», Год: 1973, Автор: Волкова Н. Г., Издательство: «Наука» (Главная редакция восточной литературы, г. Москва), стр. — 87
- ↑ Алексеев В.П. Происхождение народов Кавказа. — Москва: Наука, 1974.
- ↑ КАРАЧАЕВЦЫ • Большая российская энциклопедия - электронная версия . bigenc.ru. ТӀекхочу дата: 2021 шеран 10 сентябрь. Архивйина 2021 шеран 10 сентябрехь Архивйина 2021-09-10 — Wayback Machine
- ↑ К. Х. Унежнев. История Кабарды и Балкарии. — ГП КБР "Республиканский полиграфкомбинат им. Революции 1905 г." Издательский центр "Эль-Фа", 2005-01-01. — 626 с. Архиван копи 2020 шеран 14 июлехь дуьйна Wayback Machine тӀехь
- ↑ Андрей Николаевич Кононов. История изучения тюркских языков в России: дооктябрьский период. — Наука, Ленинградское отд-ние, 1982-01-01. — 372 с. Архиван копи 2017 шеран 6 апрелехь дуьйна Wayback Machine тӀехь
- ↑ Всероссийская перепись населения 2002 года . perepis2002.ru. ТӀекхочу дата: 2017 шеран 17 апрель. Архивйина 2012 шеран 5 августехь
- ↑ М. М. Герасимова. К вопросу о происхождении балкарцев Архивйина 2019-08-19 — Wayback Machine. Вестник антропологии. 2013. № 3(25) с. 52-71
Литература
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Абаев М. К. Исторический очерк «Балкария» // Мусульманин. — Париж, 60.02.2011. — № 14—17. — С. 586—627.
- Батчаев В. М. Балкария в XV — начале XIX вв. — М.: ТАС-Издат, 2006. — 190 с.
- Балкарцы // Народы России. Атлас культур и религий. — М.: Дизайн. Информация. Картография, 2010. — 320 с. — ISBN 978-5-287-00718-8.
- Балкарцы // Этноатлас Красноярского края / Совет администрации Красноярского края. Управление общественных связей ; гл. ред. Р. Г. Рафиков ; редкол.: В. П. Кривоногов, Р. Д. Цокаев. — 2-е изд., перераб. и доп. — Красноярск: Платина (PLATINA), 2008. — 224 с. — ISBN 978-5-98624-092-3. Архиван копи 2014 шеран 29 ноябрехь дуьйна Wayback Machine тӀехь
- Балкарцы / Каракетов М. Д. // Анкилоз — Банка. — М. : Большая российская энциклопедия, 2005. — С. 712—713. — (Большая российская энциклопедия : [в 35 т.] / гл. ред. Ю. С. Осипов ; 2004—2017, т. 2). — ISBN 5-85270-330-3.
- Кеп:Книга:Народы мира
- Кипкеева З. Б. Карачаево-балкарская диаспора в Турции. — Ставрополь: Изд-во СГУ, 2000. — 184 с. — ISBN 5-88648-212-1. Архиван копи 2015 шеран 23 сентябрехь дуьйна Wayback Machine тӀехь
- Сабанчиев Х.-М. А. Депортация, жизнь в ссылке и реабилитация балкарского народа: 1940-е — начало XXI в / автореферат дис. ... доктора исторических наук : 07.00.02. — Кеп:Ростов н/Д: Рост. гос. ун-т, 2007.
- Сабанчиев Х.-М. А. Балкарцы : выселение и возвращение. — Нальчик: Эльбрус, 2008. — 437 с. — (Балкарская историческая серия). — ISBN 978-5-7680-2189-4.