Чулацаман тӀегӀо

II Елизавета

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
II Елизавета
инг. Elizabeth II
II Елизавета
II Елизавета 2015 шарахь
II Елизавета
Йоккхачу Британин а, Къилбаседа Ирландин а Паччахь
 — 2022 шеран 8 сентябрь
Хьалха хилларг Джордж VI
Когаметтаниг Чарльз, Уэльзан принц

Дин Церковь Англии[1][2]
Йина терахь 1926 шеран 21 апрель({{padleft:1926|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:21|2|0}})
Йина меттиг Лондон
Кхелхина терахь 2022 шеран 8 сентябрь({{padleft:2022|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:8|2|0}}) (96 шо)
ДӀайоьллина
Тайпа Виндзораш
Йича тиллина цӀе инг. Elizabeth Alexandra Mary Windsor[3]
Да Джордж VI
Нана Элизабет Боуз-Лайон
Майра Филипп Маунтбаттен
Бераш Чарльз, Анна, Эндрю, Эдвард
Динлелор Англиканство, Керсталла
Автограф Автографан сурт
Монограмма Монограмма
СовгӀаташ
Пачхьалкх  Йоккха Британи
Эскаран тайпа Женский вспомогательный территориальный корпус[4]
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

II Елизаве́та (инг. Elizabeth II), йуьззина цӏе Елизаве́та Алекса́ндра Мари́ (инг. Elizabeth Alexandra Mary[5]; 1926 шеран 21 апрель, Мейфэр, Вестминстер, Йоккха Лондон, Ингалс, Йоккха Британи[6]2022 шеран 8 сентябрь, Балморал, Абердиншир, Шотланди, Йоккха Британи) — иза Йоккхачу Британин а, ДоттагӀаллин паччахьаллийн а хилла йолу паччахь йу 1952—2022 шерашкахь. 25 шо долуш васхалин чуйахана иза, шен да VI Джордж дӀаваьллачул тӀаьхьа. Йоккхачу Британин исторехь уггар дукха урхалла дина паччахь йу иза[7][8].

II Елизавета Виндзорийн династин тӏаьхьенах йу.

ДоттагӀаллин паччахьаллийн куьйгалхо а йара, Йоккхачу Британин хилла а ца ӏаш, пхийтта гӀарайалаза пачхьалкхийн паччахь а йара: Австрали, Антигуа а, Барбуда а, Багаман ГӀайренаш, Барбадос, Белиз, Гренада, Канада, Керла Зеланди, Папуа — Керла Гвиней, Сент-Винсент а, Гренадинаш а, Сент-Китс а, Невис а, Сент-Люсия, Сулейманан ахгӀайренаш, Тувалу а, Ямайка а.

Хьалхара шераш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Елизавета принцесса йина Лондонан Мейфэр районехь Стратмор графан резиденцехь, № 17 цӀа. 1930 шарахь Елизаветан йиша — Маргарет йина[5][9].

Йинчу хенахь Йоркси принцесса хилла Елизавета. Цуьнан 13 шо долуш болабелла хилла Дуьненан ШолгӀа тӀом[10].

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]