Французийн ХӀиндоций
Французийн колониалан империн дакъа | |||||
Французийн ХӀиндоций | |||||
---|---|---|---|---|---|
|
|||||
1887 — 1954
|
|||||
Коьрта гӀала | Ханой | ||||
Мотт (меттанаш) | французийн, вьетнамхойн, лао, кхмерийн | ||||
Ахча | хӀиндоцийн пиастр | ||||
Майда | 750 000 км² (1935) | ||||
Бахархой | 21 599 582 (1935) | ||||
Урхаллин тайпа | федераци колонин протектораташ | ||||
Викиларми чохь медиафайлаш |
Французийн ХӀиндоций (фр. Indochine française, вьетн. Đông Dương thuộc Pháp [ɗoŋm zɰəŋ tʰuə̀k fǎp]) — Французийн колониалан империн дакъа, Францин ХӀиндоций цӀе йолу ахгӀайренан тӀехь хила колони.
1887 дуьйна йара официалан цӀе ХӀиндоцийн барт (фр. Union indochinoise, вьетн. Liên bang Đông Dương), цуна йукъайогӀуш йара Францес 1858 тӀера 1884 шо кхаччалц Вьетнамегара схьайаьхна мехкаш, мохк бекъна бара Кохинхина колони (Намбо), Аннам протекторат (Чунгбо) а, Тонкин протекторат (Бакбо) а. Цул совнах, Французийн ХӀиндоцийн йукъайогӀура Камбоджа протекторат а, Лаос протекторат а, 1860—1890- шершкахь схьайаьхна йолу, иштта Цийчоьгара аренде эцна болу Гуанчжоувань мохк.
ШолгӀа дуьненан тӀом чекхбаьлча къоман-маршонан болам бахьнехь Французийн ХӀиндоцийн латтан тӀехь кхоллайелла маьрша пачхьалкхаш Вьетнам а, Камбоджа а, Лаос а.