Тиблисин пачхьалкхан университет
Тиблисин пачхьалкхан Джавахишвили Иванан цӀарах университет თბილისის ივანე ჯავახიშვილის სახელობის სახელმწიფო უნივერსიტეტი (ТПУ) | |
---|---|
Дацдар | ТПУ |
Халкъашна йуккъера цӀе |
Ivane Javakhishvili Tbilisi State University |
Девиз | Universitas Tphilisensis |
Кхоьллина шо | 1918 |
Тайпа | пачхьалкхан |
Ректор | Шервашидзе Георгий |
Студенташ | 30 000 |
Хьехархой | 3000 |
Лаьтта меттиг | Гуьржийчоь, Тиблиси |
Кампус | 11 |
Юридически адрес |
Тиблиси, Чавчавадзен пр., 1 |
Сайт | www.tsu.ge |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Тиблисин пачхьалкхан Джавахишвили Иванэн цӀарах университет (гуьрж. თბილისის ივანე ჯავახიშვილის სახელობის სახელმწიფო უნივერსიტეტი, ТПУ) — Гуьржийчоьнан ширачех а, йоккхачех лакхара дешаран меттиг, Ӏилманан а, оьздангаллин а йукъ. Кхоьллина 1918 шеран февралехь.
Хьалхара истори
[бӀаьра нисйан | нисйан]1917 шарахь кхоьллира Тиблисин университет яран йукъаралла. Гуьржийн къоман университет ян дагадаийтанчех коьртаниг лору историк Джавахишвили Иванэ, кхолламчашна йукъахь бара малхбалеӀаморхо Ахвледиани Георгий, историк Нуцубидзе Шалва, психолог Узнадзе Дмитрий, лингвист Шанидзе Акакий. 1917 шарахь Российн хенан правительство йолуш университет дӀаелла гӀертарх аьтту ца белира, векалш Ш. И. Нуцубидзе, З. Авалишвили, Н. Геловани (В. Гелованих йисинарг) лерамца тӀеийцира А. Ф. Керенскийс, дош делира «Тиблиси оьшу сацам баийта», амма цул тӀаьхьа урхаллега телеграф яийтира Тиблисин Ллакхара зударийн курсех сихха Чоьхьара Кавказан университет йиен аьлла.
Истори
[бӀаьра нисйан | нисйан]ДӀайиллина 1918 шеран 26 январехь (8 февралехь), нисса Петарбухан университет дӀайиллина 99 шо даьлча а, Сийлахь гуьржийн паччахьан Агмашенебели Давидан (1073—1125) иэсан дийнахь а. 1918 шеран 30 январехь И. Джавахишвилис йийшира дуьххьарлера лекци «Шира-гуьржийн историн-философин литературера, дахарера адам а, цуьнан роль а».
Университет дӀайиллира цхьаьна факультетаца — философин. ДӀахӀоттаран экзаменаш яцара, дӀаоьцура стен а, боьрша а (хьалхара абитуриент хилира Гамбашидзе Медея[1]), къоман а, динан а доза доцуш, хила дезара йуккъера дешар. Аьтту белира 360 гергга студент гулван. Хьалхара ректор хаьржира химик Меликишвили Пётр (оцу дарже кечвелла И. Джавахишвили ша йукъаравелира, хӀунда аьлча цуо лорура Меликишвили шел а воккха Ӏилманча), штатехь вара 17 хьехархо (7 профессор, 5 гӀовс, 2 Ӏилманан куьйгалхо, 3 лектор). Хьеха балийна бара профессорш И. Кипшидзе (филологи), А. Бенашвили (геодези а, астрономи а), К. Кекелидзе (делан дош), Д. Узнадзе (философи), Ф. Гогичаишвили (философи). Москохара кхайкхира доцент А. Размадзе (математика), Петарбухара — доцент С. Авалиани (истори), уьш боцуш гӀовсаш хилира Ш. Нуцубидзе (истори), Г. Ахвледиани (мотт Ӏамор), А. Шанидзе (филологи), Ӏилманан куьйгалхой — Е. Такайшвили (археологи), Ю. Абуладзе (гӀажарийн мотт), европин мнттанаш хьоьхура Е. Орбелиани (французийн), В. Гамбашидзе (ингалсан), И. Кипшидзе (немцойн), гӀертара хьехархо ван Гуьржийчохь веха немцойн йаздархо Лейст Артур а. Дешаран план йукъайоьдура философи, психологи, мотт Ӏамор, дош Ӏамор, истори, экономика, логика, кхечу мехкийн меттанаш хьехар. Университетан библиотека гулйира наха ахча делла, дуккха а цхьацца бен доцу жайнаш иэца аьтту белира, масала, А. Бенашвили бахьнехь — Кавказан тӀеман гуонан библиотека.
Университето дӀалецира Цхнетан урамера элийн гимнази хилла гӀишло (1906, архитектор С. Клдиашвили), юьхьанца дуьйна а ойла йолуш кхузахь йилла къоман[2]. Оцу хенахь университет латтаран коьрта хьост дара дешарна луш долу ахча (100 сом шарахь).
Ректорш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Пётр Меликишвили (1918 январера 1919 декабрь кхаччалц)
- Иван Джавахишвили (1919 декабрера 1926 июнь кхаччалц)
- Тевдоре Глонти (1926 сентябрера 1928 сентябрь кхаччалц)
- Малакия Торошелидзе (1928 сентябрера 1930 сентябрь кхаччалц)
- Иване Вашакмадзе (1930 январера 1931 сентябрь кхаччалц)
- Александр Еркомайшвили (1931 октябрера 1932 декабрь кхаччалц)
- Леван Агниашвили (1933 апрелера 1935 июнь кхаччалц)
- Карло Орагвелидзе (1935 июнера 1937 июнь кхаччалц)
- Георгий Кикнадзе (1937 июлера 1938 сентябрь кхаччалц)
- Давид Кипшидзе (1938 октябрера 1942 февраль кхаччалц)
- Александр Джанелидзе (1942 февралера 1945 июль кхаччалц)
- Николоз Кецховели (1945 июлера 1953 июнь кхаччалц)
- Илья Векуа (1953 июлера 1953 сентябрь кхаччалц а, 1966 апрелера 1972 апрель кхаччалц)
- Ермил Бурчуладзе (1953 сентябрера 1954 сентябрь кхаччалц)
- Виктор Купрадзе (1954 сентябрера 1958 март кхаччалц)
- Георгий Дзоценидзе (1958 апрелера 1959 март кхаччалц)
- Евгений Харадзе (1959 мартера 1966 март кхаччалц)
- Давид Чхиквишвили (1972 майра 1980 февраль кхаччалц)
- Важа Окуджава (1980 мартера 1985 сентябрь кхаччалц)
- Нодар Амаглобели (1985 сентябрера 1991 август кхаччалц)
- Тамаз Гамкрелидзе (1991 августера 1991 сентябрь кхаччалц)
- Отар Джапаридзе (1991 сентябрера 1991 октябрь кхаччалц)
- Роин Метревели (1991 октябрера 2004 октябрь кхаччалц)
- Русудан Лордкипанидзе (2004 декабрера 2006 апрель кхаччалц)
- Георгий Хубуа (2006 апрелера 2010 август кхаччалц)
- Александр Квиташвили (2010 августера 2013 июль кхаччалц)
- Владимир Папава (2013 июлера 2016 март кхаччалц)
- Дарежан Твалтвадзе (ректоран декхарш кхочуш дийриг, 2016 апрелера 2016 сентябрь кхаччалц)
- Георгий Шервашидзе (2016 сентябрера дуьйна)
ТПУ гӀарабевллачу гӀуллакххойн иэсийн галерей
[бӀаьра нисйан | нисйан]Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Интересные факты о ТГУ, или Что объединяет Окуджава и Бурджанадзе
- ↑ Вано Шадури Ленинградский университет и деятели грузинской культуры. Тбилиси: «Мерани», 1968
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Сайт университета Архивйина 2007-09-28 — Wayback Machine
- История ТГУ Архивйина 2020-09-26 — Wayback Machine