Дезоксирибонуклеинан муьстал
Арахьара хатӀ
Дезоксирибонуклеинан муьстал- садолчу хӀуманийн генетикан код чохь йолу йоккха молекула ю. Царна юккъахь ю дийнаташ а, ораматаш а, протисташ а, архейш а, бактериш а. ХӀора а организман клеткан чохь ю ДНК. ДНК-ас цаьрга оьшуш йолу белокаш арахоьцуьйту. Белокаш, коьртачу декъехь, ферменташ ю. Беро де-ненера схьаоьцуш ю ДНК. Цундела шай дех-ненах тера хуьлу бераш, масала чкъуран а, месийн а, бӀаьргийн а басца а. Адаман ДНК- иза цуьнан де-ненан а ДНК-ан комбинаци ю.